بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Translation: Magomedov
1
يَسْـَٔلُونَكَ عَنِ ٱلْأَنفَالِ ۖ قُلِ ٱلْأَنفَالُ لِلَّهِ وَٱلرَّسُولِ ۖ فَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَأَصْلِحُوا۟ ذَاتَ بَيْنِكُمْ ۖ وَأَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥٓ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ
Цара хьоьга хоьтту хIонсах лаьцна‚ ахьа ала: "ХIонс Делан /долахь/ ю‚ элчанан а /долахь/ ю". Шу Делах кхера‚ вовшийн юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш (муъма нах).
2
إِنَّمَا ٱلْمُؤْمِنُونَ ٱلَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ ٱللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُهُۥ زَادَتْهُمْ إِيمَٰنًۭا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, тешаш берш /муъма нах/ бу Дела хьехийча шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, иманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш.
3
ٱلَّذِينَ يُقِيمُونَ ٱلصَّلَوٰةَ وَمِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ يُنفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанх сагIа а луш.
4
أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُؤْمِنُونَ حَقًّۭا ۚ لَّهُمْ دَرَجَٰتٌ عِندَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъма нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучун гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъа ду.
5
كَمَآ أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِنۢ بَيْتِكَ بِٱلْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقًۭا مِّنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ لَكَٰرِهُونَ
Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьан цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъманахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/.
6
يُجَٰدِلُونَكَ فِى ٱلْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى ٱلْمَوْتِ وَهُمْ يَنظُرُونَ
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожална тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
7
وَإِذْ يَعِدُكُمُ ٱللَّهُ إِحْدَى ٱلطَّآئِفَتَيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ ٱلشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ ٱللَّهُ أَن يُحِقَّ ٱلْحَقَّ بِكَلِمَٰتِهِۦ وَيَقْطَعَ دَابِرَ ٱلْكَٰفِرِينَ
Дала шуьца ваIда йо шина тобанах цхьаъ шун ю, олий‚ шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а.
8
لِيُحِقَّ ٱلْحَقَّ وَيُبْطِلَ ٱلْبَٰطِلَ وَلَوْ كَرِهَ ٱلْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилархьама а, къинош дечарна ца дезахь а.
9
إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَٱسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّى مُمِدُّكُم بِأَلْفٍۢ مِّنَ ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ مُرْدِفِينَ
Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: "Аса шу чIагIдийр ду тIеттIа эзар маликашца"‚- аьлла.
10
وَمَا جَعَلَهُ ٱللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِۦ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا ٱلنَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِندِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен‚ гIо дац Далла гергара а бен. Баккъалла а, Дела везза верг‚ хьукма дика деш верг ву.
11
إِذْ يُغَشِّيكُمُ ٱلنُّعَاسَ أَمَنَةًۭ مِّنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُم مِّنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ لِّيُطَهِّرَكُم بِهِۦ وَيُذْهِبَ عَنكُمْ رِجْزَ ٱلشَّيْطَٰنِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ ٱلْأَقْدَامَ
Цо шуна тIе ма хьажайора наб озор, шуна Шегара сапаргIато луш‚ доссадора шуна тIе стиглара хи, Шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама.
12
إِذْ يُوحِى رَبُّكَ إِلَى ٱلْمَلَٰٓئِكَةِ أَنِّى مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا۟ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ۚ سَأُلْقِى فِى قُلُوبِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱلرُّعْبَ فَٱضْرِبُوا۟ فَوْقَ ٱلْأَعْنَاقِ وَٱضْرِبُوا۟ مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍۢ
Хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе иман диллинарш‚ Аса тIаьхьа ца тешна хиллачерийн дегнашка кхерам кхуссур бу – тоха логах‚ хадайе церан массо пIелган юьхьиг.
13
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَآقُّوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ ۚ وَمَن يُشَاقِقِ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ فَإِنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла‚ цуьнан элчанна дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву.
14
ذَٰلِكُمْ فَذُوقُوهُ وَأَنَّ لِلْكَٰفِرِينَ عَذَابَ ٱلنَّارِ
Иза (Iазап) ду шуна: "Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду".
15
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ زَحْفًۭا فَلَا تُوَلُّوهُمُ ٱلْأَدْبَارَ
ХIай иман диллинарш! Шаьш цатешачаьрца дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшех кхетча), могIаршца (шайн) баккъаш ма тоха царна /царех кхералой ма довда/.
16
وَمَن يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍۢ دُبُرَهُۥٓ إِلَّا مُتَحَرِّفًۭا لِّقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزًا إِلَىٰ فِئَةٍۢ فَقَدْ بَآءَ بِغَضَبٍۢ مِّنَ ٱللَّهِ وَمَأْوَىٰهُ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ
Оцу дийнахь (гIазотехь кхеравелла вухаваьлларг)‚ царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ вон ю дIаваьрзу меттиг!
17
فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ قَتَلَهُمْ ۚ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ رَمَىٰ ۚ وَلِيُبْلِىَ ٱلْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلَآءً حَسَنًا ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Аша ца байина уьш‚ делахь а Дала байина уьш. Ахьа ца кхоьссина (герз) айхьа кхуссуш делахь а – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъманахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш а, хууш а ву.
18
ذَٰلِكُمْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مُوهِنُ كَيْدِ ٱلْكَٰفِرِينَ
Иза Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш.
19
إِن تَسْتَفْتِحُوا۟ فَقَدْ جَآءَكُمُ ٱلْفَتْحُ ۖ وَإِن تَنتَهُوا۟ فَهُوَ خَيْرٌۭ لَّكُمْ ۖ وَإِن تَعُودُوا۟ نَعُدْ وَلَن تُغْنِىَ عَنكُمْ فِئَتُكُمْ شَيْـًۭٔا وَلَوْ كَثُرَتْ وَأَنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
Аша толам бехча – толам беъна шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу духа тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шун хIумма тIаьхьара доккхур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъма нахаца ву.
20
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَلَا تَوَلَّوْا۟ عَنْهُ وَأَنتُمْ تَسْمَعُونَ
ХIай иман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш (цо дуьйцург).
21
وَلَا تَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ قَالُوا۟ سَمِعْنَا وَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Шу тар ма ло аьллачаьрга: "ЛадоьгIна оха"‚ шаьш ладугIуш а боцуш.
22
۞ إِنَّ شَرَّ ٱلدَّوَآبِّ عِندَ ٱللَّهِ ٱلصُّمُّ ٱلْبُكْمُ ٱلَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха бежана ду къораниг а, мотт ца хуург а. Уьш бу кхеташ боцурш.
23
وَلَوْ عَلِمَ ٱللَّهُ فِيهِمْ خَيْرًۭا لَّأَسْمَعَهُمْ ۖ وَلَوْ أَسْمَعَهُمْ لَتَوَلَّوا۟ وَّهُم مُّعْرِضُونَ
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладугIуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогIийтича а, тIаккха а дIагIур бара (гIазотера бовдур бара) уьш, дуьхьал а бевлла.
24
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱسْتَجِيبُوا۟ لِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ إِذَا دَعَاكُمْ لِمَا يُحْيِيكُمْ ۖ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يَحُولُ بَيْنَ ٱلْمَرْءِ وَقَلْبِهِۦ وَأَنَّهُۥٓ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХIай иман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шу дендеш долчуьнга‚ шуна хаалаш, и Дела хьийзаш хилар стагана а‚ цуьнан дагана а юкъа‚ шу а Цунна тIе гулдийриг хилар.
25
وَٱتَّقُوا۟ فِتْنَةًۭ لَّا تُصِيبَنَّ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ مِنكُمْ خَآصَّةًۭ ۖ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначаьрна зен дина Iанне а ца Iа иза (массарна зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таIазар дарца) чIогIа вуйла.
26
وَٱذْكُرُوٓا۟ إِذْ أَنتُمْ قَلِيلٌۭ مُّسْتَضْعَفُونَ فِى ٱلْأَرْضِ تَخَافُونَ أَن يَتَخَطَّفَكُمُ ٱلنَّاسُ فَـَٔاوَىٰكُمْ وَأَيَّدَكُم بِنَصْرِهِۦ وَرَزَقَكُم مِّنَ ٱلطَّيِّبَٰتِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Аша дагадаийтал шаьш, кIезиг а хилла, лаьттахь заьIап хилар‚ шаьш наха схьалецарна кхоьруш. ТIаккха Цо тIелецира шу‚ Шен гIоьнца чIагIдира шу‚ цIенчух рицкъа делира шуна, – шу хила мегара баркалла олуш.
27
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَا تَخُونُوا۟ ٱللَّهَ وَٱلرَّسُولَ وَتَخُونُوٓا۟ أَمَٰنَٰتِكُمْ وَأَنتُمْ تَعْلَمُونَ
ХIай иман диллинарш! Аша тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аша тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хIума далахь а), шаьш хууш долуш.
28
وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَآ أَمْوَٰلُكُمْ وَأَوْلَٰدُكُمْ فِتْنَةٌۭ وَأَنَّ ٱللَّهَ عِندَهُۥٓ أَجْرٌ عَظِيمٌۭ
Шуна хаалаш, шун даьхний а (бахам)‚ шун доьзалш а питана дуй‚ баккъалла а, Дела Шегахь йоккха ял йолуш вуйла.
29
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِن تَتَّقُوا۟ ٱللَّهَ يَجْعَل لَّكُمْ فُرْقَانًۭا وَيُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّـَٔاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ
ХIай иман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шун къинойх цIандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела йокха комаьршалла йолуш ву.
30
وَإِذْ يَمْكُرُ بِكَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِيُثْبِتُوكَ أَوْ يَقْتُلُوكَ أَوْ يُخْرِجُوكَ ۚ وَيَمْكُرُونَ وَيَمْكُرُ ٱللَّهُ ۖ وَٱللَّهُ خَيْرُ ٱلْمَٰكِرِينَ
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха (Макка чуьра). Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву.
31
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ءَايَٰتُنَا قَالُوا۟ قَدْ سَمِعْنَا لَوْ نَشَآءُ لَقُلْنَا مِثْلَ هَٰذَآ ۙ إِنْ هَٰذَآ إِلَّآ أَسَٰطِيرُ ٱلْأَوَّلِينَ
Шайна тIехь Тхан аяташ дешча, цара олу: "Хезна тхуна‚ тхайна лиъча цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".
32
وَإِذْ قَالُوا۟ ٱللَّهُمَّ إِن كَانَ هَٰذَا هُوَ ٱلْحَقَّ مِنْ عِندِكَ فَأَمْطِرْ عَلَيْنَا حِجَارَةًۭ مِّنَ ٱلسَّمَآءِ أَوِ ٱئْتِنَا بِعَذَابٍ أَلِيمٍۢ
Цара ма элира (дагадаийтал, хIай элча): "Везан Дела‚ хIара хиллехь Хьан гергара бакъдерг‚ догIанца кхерий (тIулгаш) делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Iазап даийта тхуна".
33
وَمَا كَانَ ٱللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ وَأَنتَ فِيهِمْ ۚ وَمَا كَانَ ٱللَّهُ مُعَذِّبَهُمْ وَهُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
Дела ца хилира царна Iазап деш хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Iазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш болуш.
34
وَمَا لَهُمْ أَلَّا يُعَذِّبَهُمُ ٱللَّهُ وَهُمْ يَصُدُّونَ عَنِ ٱلْمَسْجِدِ ٱلْحَرَامِ وَمَا كَانُوٓا۟ أَوْلِيَآءَهُۥٓ ۚ إِنْ أَوْلِيَآؤُهُۥٓ إِلَّا ٱلْمُتَّقُونَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Дала Iазап хIунда ца до царна, уьш Хьарам-маьждиге (нах) ца буьтуш хилча. Уьш ца хилла цунна доьналла деш берш. Цуьнан доьналлина хьакъ берш беккъа (Делах) кхоьрурш бу‚ делахь а царех дукхачарна а ца хаьа-кх.
35
وَمَا كَانَ صَلَاتُهُمْ عِندَ ٱلْبَيْتِ إِلَّا مُكَآءًۭ وَتَصْدِيَةًۭ ۚ فَذُوقُوا۟ ٱلْعَذَابَ بِمَا كُنتُمْ تَكْفُرُونَ
Церан ламаз (КаIбан) цIийнан хьалхахь ма ца хилира, шок еттар а‚ тIараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ "Iовша шайна Iазап, шаьш цахиларна тешаш" /алар бен/.
36
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يُنفِقُونَ أَمْوَٰلَهُمْ لِيَصُدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ فَسَيُنفِقُونَهَا ثُمَّ تَكُونُ عَلَيْهِمْ حَسْرَةًۭ ثُمَّ يُغْلَبُونَ ۗ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِلَىٰ جَهَنَّمَ يُحْشَرُونَ
Баккъалла а, цатешачара шайн даьхний дойу Делан новкъах (нах дIатилабан). ТIаьхьа дойур ду цара уьш‚ тIаккха и царна тIехь бала хир бу‚ тIаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
37
لِيَمِيزَ ٱللَّهُ ٱلْخَبِيثَ مِنَ ٱلطَّيِّبِ وَيَجْعَلَ ٱلْخَبِيثَ بَعْضَهُۥ عَلَىٰ بَعْضٍۢ فَيَرْكُمَهُۥ جَمِيعًۭا فَيَجْعَلَهُۥ فِى جَهَنَّمَ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْخَٰسِرُونَ
Дала къасторхьама боьханиг цIеначух‚ боьханиг боьхачунна тIедиллархьама‚ тIаккха царех массарех барз бархьама‚ тIаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш.
38
قُل لِّلَّذِينَ كَفَرُوٓا۟ إِن يَنتَهُوا۟ يُغْفَرْ لَهُم مَّا قَدْ سَلَفَ وَإِن يَعُودُوا۟ فَقَدْ مَضَتْ سُنَّتُ ٱلْأَوَّلِينَ
Ахьа ала цатешачаьрга: "Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха дахнарг‚ уьш юха а буьйлалахь (бусулбанашца тIом бан) – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хIаллакбийр бу).
39
وَقَٰتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌۭ وَيَكُونَ ٱلدِّينُ كُلُّهُۥ لِلَّهِ ۚ فَإِنِ ٱنتَهَوْا۟ فَإِنَّ ٱللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
ТIом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге дин Далла хилийта. ТIаккха уьш совцахь (маслаIате беана – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву.
40
وَإِن تَوَلَّوْا۟ فَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ مَوْلَىٰكُمْ ۚ نِعْمَ ٱلْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ ٱلنَّصِيرُ
Уьш дIаберзахь (маслаIате ца богIуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шуна гIоьнча (тIаккха тIом бе аша) – дика гIоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза.
41
۞ وَٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَا غَنِمْتُم مِّن شَىْءٍۢ فَأَنَّ لِلَّهِ خُمُسَهُۥ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِى ٱلْقُرْبَىٰ وَٱلْيَتَٰمَىٰ وَٱلْمَسَٰكِينِ وَٱبْنِ ٱلسَّبِيلِ إِن كُنتُمْ ءَامَنتُم بِٱللَّهِ وَمَآ أَنزَلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا يَوْمَ ٱلْفُرْقَانِ يَوْمَ ٱلْتَقَى ٱلْجَمْعَانِ ۗ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ
Шуна хаалаш, аша хIонсах хIума яьккхича, Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ буоберашна (бедашна) а‚ мискачарна а‚ некъан накъостана а оцунах пхоьалгIа дакъа ду‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхан лайга къастаман дийнахь ши тоба вовшийн дуьхьал нисъеллачу дийнахь доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
42
إِذْ أَنتُم بِٱلْعُدْوَةِ ٱلدُّنْيَا وَهُم بِٱلْعُدْوَةِ ٱلْقُصْوَىٰ وَٱلرَّكْبُ أَسْفَلَ مِنكُمْ ۚ وَلَوْ تَوَاعَدتُّمْ لَٱخْتَلَفْتُمْ فِى ٱلْمِيعَٰدِ ۙ وَلَٰكِن لِّيَقْضِىَ ٱللَّهُ أَمْرًۭا كَانَ مَفْعُولًۭا لِّيَهْلِكَ مَنْ هَلَكَ عَنۢ بَيِّنَةٍۢ وَيَحْيَىٰ مَنْ حَىَّ عَنۢ بَيِّنَةٍۢ ۗ وَإِنَّ ٱللَّهَ لَسَمِيعٌ عَلِيمٌ
Шу гергарчу берда тIехь а долуш‚ уьш генарчу берда тIехь а болуш, и къепал шуна лохахула а йолуш ма дарий. Аша вовшашца ваIда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца‚ делахь а Дала кхочуш- хилийтархьама дара и хилла даьлла гIуллакх‚ хIаллакван ша хIаллакьхилларг билгалонца‚ денван ша вехаш хилларг билгалонца. Баккъалла а, Дела хезаш а‚ хууш а ву.
43
إِذْ يُرِيكَهُمُ ٱللَّهُ فِى مَنَامِكَ قَلِيلًۭا ۖ وَلَوْ أَرَىٰكَهُمْ كَثِيرًۭا لَّفَشِلْتُمْ وَلَتَنَٰزَعْتُمْ فِى ٱلْأَمْرِ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ سَلَّمَ ۗ إِنَّهُۥ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ
Хьоьга гайтира Дала уьш гIенах кIеззиг‚ Цо хьоьга уьш дукха гайтинехьара – духур дара шу‚ гIуллакхехь къуьйсур дара аша‚ делахь а Дала лардина (шу эшарх). Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг.
44
وَإِذْ يُرِيكُمُوهُمْ إِذِ ٱلْتَقَيْتُمْ فِىٓ أَعْيُنِكُمْ قَلِيلًۭا وَيُقَلِّلُكُمْ فِىٓ أَعْيُنِهِمْ لِيَقْضِىَ ٱللَّهُ أَمْرًۭا كَانَ مَفْعُولًۭا ۗ وَإِلَى ٱللَّهِ تُرْجَعُ ٱلْأُمُورُ
Шуна гайтира Цо уьш‚ шу цхьаьнакхетча‚ шун бIаьргашкахула кIеззиг‚ шу кIеззиг гайтира церан бIаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гIуллакх. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.
45
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِذَا لَقِيتُمْ فِئَةًۭ فَٱثْبُتُوا۟ وَٱذْكُرُوا۟ ٱللَّهَ كَثِيرًۭا لَّعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХIай иман диллинарш! Шайца тоба цхьаьнакхетча чIагIлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийдедан тарло.
46
وَأَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَرَسُولَهُۥ وَلَا تَنَٰزَعُوا۟ فَتَفْشَلُوا۟ وَتَذْهَبَ رِيحُكُمْ ۖ وَٱصْبِرُوٓا۟ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ مَعَ ٱلصَّٰبِرِينَ
МуьтIахь хилалаш Далла а‚ цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тIаккха озалур ду шу /мостагIчух/‚ шун ницкъ дIабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гIодарца).
47
وَلَا تَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ خَرَجُوا۟ مِن دِيَٰرِهِم بَطَرًۭا وَرِئَآءَ ٱلنَّاسِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ۚ وَٱللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌۭ
Шу ма хилалаш шайн цIеношкара арабевллачарех тера кураллица‚ нахана гайтархьама Делан новкъах (нах) дIатилабеш. И Дела аша дечунна гуо беш ма ву.
48
وَإِذْ زَيَّنَ لَهُمُ ٱلشَّيْطَٰنُ أَعْمَٰلَهُمْ وَقَالَ لَا غَالِبَ لَكُمُ ٱلْيَوْمَ مِنَ ٱلنَّاسِ وَإِنِّى جَارٌۭ لَّكُمْ ۖ فَلَمَّا تَرَآءَتِ ٱلْفِئَتَانِ نَكَصَ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ وَقَالَ إِنِّى بَرِىٓءٌۭ مِّنكُمْ إِنِّىٓ أَرَىٰ مَا لَا تَرَوْنَ إِنِّىٓ أَخَافُ ٱللَّهَ ۚ وَٱللَّهُ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
ШайтIано хазйира царна шайн Iамалаш‚ элира: "Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо ду". ТIаккха, шена ши тоба гича, дIадедира иза‚ элира: "Баккъалла а, со цIена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусулбанашна гIо деш) шуна ца гург‚ со кхоьру Делах – и Дела таIзар дарца чIогIа ву".
49
إِذْ يَقُولُ ٱلْمُنَٰفِقُونَ وَٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌ غَرَّ هَٰٓؤُلَآءِ دِينُهُمْ ۗ وَمَن يَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ فَإِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: "ХIорш шайн дино Iехийна". Далла тIетевжинарг, – баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
50
وَلَوْ تَرَىٰٓ إِذْ يَتَوَفَّى ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ۙ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَٰرَهُمْ وَذُوقُوا۟ عَذَابَ ٱلْحَرِيقِ
Хьуна гинехьара и цатешаш берш маликаша шайн синош схьадохуш шайн яххьийх а‚ тIехьа а етташ: "Iовша шайна жоьжахатийн Iазап"‚- олуш.
51
ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ ٱللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّٰمٍۢ لِّلْعَبِيدِ
Иза ду шун куьйгаша хьалха даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац.
52
كَدَأْبِ ءَالِ فِرْعَوْنَ ۙ وَٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَفَرُوا۟ بِـَٔايَٰتِ ٱللَّهِ فَأَخَذَهُمُ ٱللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ قَوِىٌّۭ شَدِيدُ ٱلْعِقَابِ
ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалийцира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца.
53
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًۭا نِّعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَىٰ قَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا۟ مَا بِأَنفُسِهِمْ ۙ وَأَنَّ ٱللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌۭ
Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана къомана делла хилла долу ниIмат хийцориг, цу (къомо) ша-шена и хийццолац‚ и ду Дела хиларна хезаш а‚ хууш а.
54
كَدَأْبِ ءَالِ فِرْعَوْنَ ۙ وَٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَٰهُم بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَآ ءَالَ فِرْعَوْنَ ۚ وَكُلٌّۭ كَانُوا۟ ظَٰلِمِينَ
ФирIавнан доьзалан а‚ царел хьалха хиллачерийн а Iадатах тера‚ харц дира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIордан бухабахийтира‚ массо а хилира уьш зуламхой.
55
إِنَّ شَرَّ ٱلدَّوَآبِّ عِندَ ٱللَّهِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Уггар боьха бежана Далла гергахь – цатешарш бу‚ (уьш ца теша) цара иман ца дуьллу.
56
ٱلَّذِينَ عَٰهَدتَّ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِى كُلِّ مَرَّةٍۢ وَهُمْ لَا يَتَّقُونَ
Ахьа шайца барт бина (тIом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тIаккха массо хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру (Делах и барт бохо/.
57
فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِى ٱلْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِم مَّنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ
Хьайна царна тIехь тIам тIехь ка далахь – лелхабе цаьрца царел тIаьхьа берш‚ цара ойла ян мегара.
58
وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِن قَوْمٍ خِيَانَةًۭ فَٱنۢبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَىٰ سَوَآءٍ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ لَا يُحِبُّ ٱلْخَآئِنِينَ
Хьо кхерахь цхьана къоман /хьан шеца барт болчу/ тешнабехках‚ бохабе ахьа /барт/ цаьрца нийсса‚ баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш.
59
وَلَا يَحْسَبَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ سَبَقُوٓا۟ ۚ إِنَّهُمْ لَا يُعْجِزُونَ
Цатешачарна маттанне а ма моьттийла шаьш хьалхадовлур ду (Iазапах)‚ баккъалла а, царна ницкъ кхочур бац (Iазапах кIелхьарабовла).
60
وَأَعِدُّوا۟ لَهُم مَّا ٱسْتَطَعْتُم مِّن قُوَّةٍۢ وَمِن رِّبَاطِ ٱلْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِۦ عَدُوَّ ٱللَّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَءَاخَرِينَ مِن دُونِهِمْ لَا تَعْلَمُونَهُمُ ٱللَّهُ يَعْلَمُهُمْ ۚ وَمَا تُنفِقُوا۟ مِن شَىْءٍۢ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ‚ дIайихкина (кийча) говраш /хилийта/‚ шеца аша кхераван Делан мостагI а‚ шайн мостагI а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу‚ Далла бевза уьш‚ аша Делан новкъахь яьккхинарг юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац.
61
۞ وَإِن جَنَحُوا۟ لِلسَّلْمِ فَٱجْنَحْ لَهَا وَتَوَكَّلْ عَلَى ٱللَّهِ ۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚– тIаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тIетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш а‚ хууш а ву.
62
وَإِن يُرِيدُوٓا۟ أَن يَخْدَعُوكَ فَإِنَّ حَسْبَكَ ٱللَّهُ ۚ هُوَ ٱلَّذِىٓ أَيَّدَكَ بِنَصْرِهِۦ وَبِٱلْمُؤْمِنِينَ
Царна лаахь хьо Iехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гIоьнца а, муъма нахаца а хьо чIагIвина хилларг.
63
وَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ ۚ لَوْ أَنفَقْتَ مَا فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا مَّآ أَلَّفْتَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ أَلَّفَ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّهُۥ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
Цо кIаддира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахьа лаьттахь мел дерг доьхкича а, ахьа кIаддийр дацара церан дегнаш‚ делахь а Дала (дегнаш) кIаддира церан вовшашна юккъехь‚ баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
64
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ حَسْبُكَ ٱللَّهُ وَمَنِ ٱتَّبَعَكَ مِنَ ٱلْمُؤْمِنِينَ
ХIай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъманахах хьуна тIаьхьахIоьттинарг а ву.
65
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ حَرِّضِ ٱلْمُؤْمِنِينَ عَلَى ٱلْقِتَالِ ۚ إِن يَكُن مِّنكُمْ عِشْرُونَ صَٰبِرُونَ يَغْلِبُوا۟ مِا۟ئَتَيْنِ ۚ وَإِن يَكُن مِّنكُم مِّا۟ئَةٌۭ يَغْلِبُوٓا۟ أَلْفًۭا مِّنَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌۭ لَّا يَفْقَهُونَ
ХIай пайхамар! ТIамна тIеберзабе муъманах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бIе‚ шух бIе хилча – эшор ву цара цатешачарех эзар‚ хIунда аьлча, уьш цакхеташ къам ду.
66
ٱلْـَٰٔنَ خَفَّفَ ٱللَّهُ عَنكُمْ وَعَلِمَ أَنَّ فِيكُمْ ضَعْفًۭا ۚ فَإِن يَكُن مِّنكُم مِّا۟ئَةٌۭ صَابِرَةٌۭ يَغْلِبُوا۟ مِا۟ئَتَيْنِ ۚ وَإِن يَكُن مِّنكُمْ أَلْفٌۭ يَغْلِبُوٓا۟ أَلْفَيْنِ بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۗ وَٱللَّهُ مَعَ ٱلصَّٰبِرِينَ
ХIинца Дала дайдира шуна‚ Цунна хиира шух ледарло юй (кIеззиг хилар‚ тIамна кийча цахилар)‚ шух собаре бIе хилча – ши бIе эшор ву цара‚ шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца (собар диначаьрца) ву.
67
مَا كَانَ لِنَبِىٍّ أَن يَكُونَ لَهُۥٓ أَسْرَىٰ حَتَّىٰ يُثْخِنَ فِى ٱلْأَرْضِ ۚ تُرِيدُونَ عَرَضَ ٱلدُّنْيَا وَٱللَّهُ يُرِيدُ ٱلْءَاخِرَةَ ۗ وَٱللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌۭ
Йиш яц пайхамаран шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чIагIваллалц‚ шу дезаш ду дуьненан хIума‚ Далла дезаш ду эхарт‚ Дела веза верг а‚ хьукаме верг а ву.
68
لَّوْلَا كِتَٰبٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ سَبَقَ لَمَسَّكُمْ فِيمَآ أَخَذْتُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌۭ
Делера жайна хьалха ца даьллехьара аша эцначунна доккхачу Iазапо схьалоьцур дара шу.
69
فَكُلُوا۟ مِمَّا غَنِمْتُمْ حَلَٰلًۭا طَيِّبًۭا ۚ وَٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
Яа шаьш яьккхинчу хIонсах хьанал ерг‚ цIена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
70
يَٰٓأَيُّهَا ٱلنَّبِىُّ قُل لِّمَن فِىٓ أَيْدِيكُم مِّنَ ٱلْأَسْرَىٰٓ إِن يَعْلَمِ ٱللَّهُ فِى قُلُوبِكُمْ خَيْرًۭا يُؤْتِكُمْ خَيْرًۭا مِّمَّآ أُخِذَ مِنكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَٱللَّهُ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ
ХIай пайхамар! Ала шайн куьйгийн кIел болчу йийсархошка: "Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву".
71
وَإِن يُرِيدُوا۟ خِيَانَتَكَ فَقَدْ خَانُوا۟ ٱللَّهَ مِن قَبْلُ فَأَمْكَنَ مِنْهُمْ ۗ وَٱللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо царна тIехь ницкъ белла /хьуна таIзар дан)‚ и Дела хууш верг а‚ хьукаме верг а ву.
72
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَهَاجَرُوا۟ وَجَٰهَدُوا۟ بِأَمْوَٰلِهِمْ وَأَنفُسِهِمْ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَٱلَّذِينَ ءَاوَوا۟ وَّنَصَرُوٓا۟ أُو۟لَٰٓئِكَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَآءُ بَعْضٍۢ ۚ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَلَمْ يُهَاجِرُوا۟ مَا لَكُم مِّن وَلَٰيَتِهِم مِّن شَىْءٍ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا۟ ۚ وَإِنِ ٱسْتَنصَرُوكُمْ فِى ٱلدِّينِ فَعَلَيْكُمُ ٱلنَّصْرُ إِلَّا عَلَىٰ قَوْمٍۭ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُم مِّيثَٰقٌۭ ۗ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ
Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дIакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дIабаханарш)‚ шайн дохнаца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагIий‚ гIоьнчий) бу. Иман а диллина дIа ца кхелхинарш – цхьанне хIуманца цаьрца гергарло дац шуна, уьш дIакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гIо дехахь‚ – шуна тIехь (царна) гIо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь‚ и Дела аша дийриг гуш ма ву.
73
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَآءُ بَعْضٍ ۚ إِلَّا تَفْعَلُوهُ تَكُن فِتْنَةٌۭ فِى ٱلْأَرْضِ وَفَسَادٌۭ كَبِيرٌۭ
Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аша и (гIо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду.
74
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَهَاجَرُوا۟ وَجَٰهَدُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَٱلَّذِينَ ءَاوَوا۟ وَّنَصَرُوٓا۟ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلْمُؤْمِنُونَ حَقًّۭا ۚ لَّهُم مَّغْفِرَةٌۭ وَرِزْقٌۭ كَرِيمٌۭ
Иман диллинарш а‚ (Мадинате) дIакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ тIелаьцнарш а‚ гIо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъманах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъа а хир ду.
75
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مِنۢ بَعْدُ وَهَاجَرُوا۟ وَجَٰهَدُوا۟ مَعَكُمْ فَأُو۟لَٰٓئِكَ مِنكُمْ ۚ وَأُو۟لُوا۟ ٱلْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍۢ فِى كِتَٰبِ ٱللَّهِ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌۢ
ТIаьхьа иман диллинарш‚ (Мадинате) дIакхелхинарш‚ шуьца цхьаьна къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царех цхьаберш вукхарел герга бу Делан жайни чохь. Баккъалла а, Дела массо хIума хууш верг ву.