Skip to content
Read the Holy Quran in 49 languages with translation and recitation  Start reading →
Islam Word Quran & Seerah
سُورَةُ الانشِقَاقِ
Al-Inshiqaaq — The Splitting Open
Surah 84 · 25 ayahs · Meccan
Full surah recitation Mishary Rashid Alafasy
0:00 0:00
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

Translation: Magomedov

1

إِذَا ٱلسَّمَآءُ ٱنشَقَّتْ

Стигал яьдча‚

2

وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цуна/ хьакъ хилча /и массо хир ду къематдийнахь/‚

3

وَإِذَا ٱلْأَرْضُ مُدَّتْ

Латта дIадаржича /нисдича, тIаьхь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚

4

وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ

Шена тIехь мел дерг дIакхоьссина‚ ша десса дисча‚

5

وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла /и Далла муьтIахь хилар цуна/ хьакъ хилча.

6

يَٰٓأَيُّهَا ٱلْإِنسَٰنُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَىٰ رَبِّكَ كَدْحًۭا فَمُلَٰقِيهِ

ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву къахьегарца /валарна тIе вахан‚ я Далла/‚ хьо Цуна дуьхьал кхетар ма ву /я айхьа йинчу Iамална - диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а/.

7

فَأَمَّا مَنْ أُوتِىَ كِتَٰبَهُۥ بِيَمِينِهِۦ

Амма и шен тептар шен аьтту куьйга дIаделларг -

8

فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًۭا يَسِيرًۭا

ТIаьхьа цуна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚

9

وَيَنقَلِبُ إِلَىٰٓ أَهْلِهِۦ مَسْرُورًۭا

Шен цIийнан охIлана тIе иза воьрзур ву хазахеташ.

10

وَأَمَّا مَنْ أُوتِىَ كِتَٰبَهُۥ وَرَآءَ ظَهْرِهِۦ

Амма и шен тептар шега шен букъатехьахула дIаделларг -

11

فَسَوْفَ يَدْعُوا۟ ثُبُورًۭا

ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚

12

وَيَصْلَىٰ سَعِيرًا

Чуваьр ву жоьжахатина.

13

إِنَّهُۥ كَانَ فِىٓ أَهْلِهِۦ مَسْرُورًا

Баккъалла а, иза вара шен цIийнан охIлахь хазахеташ.

14

إِنَّهُۥ ظَنَّ أَن لَّن يَحُورَ

Баккъалла а, цуна меттара ша /шен Кхиош-кхобучунна тIе/ вухавоьрзур вац.

15

بَلَىٰٓ إِنَّ رَبَّهُۥ كَانَ بِهِۦ بَصِيرًۭا

ХIаъ‚ баккъалла а, иза Кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш.

16

فَلَآ أُقْسِمُ بِٱلشَّفَقِ

ХIан-хIа! Дуй боу Аса малх дIабузуш стигал цIийяларца‚

17

وَٱلَّيْلِ وَمَا وَسَقَ

Дуй боу Аса буьйсанах а‚ цо гулдечух а.

18

وَٱلْقَمَرِ إِذَا ٱتَّسَقَ

Баттах а /дуй боу Аса/ и буьзича /боккха хилла/

19

لَتَرْكَبُنَّ طَبَقًا عَن طَبَقٍۢ

Шу ховжар ма ду цхьаьна хьалера кхечу хьале.

20

فَمَا لَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

ХIун ду-те царна уьш ца теша?

21

وَإِذَا قُرِئَ عَلَيْهِمُ ٱلْقُرْءَانُ لَا يَسْجُدُونَ ۩

Шайна тIехь КъурIан доьшуш сужд ца да?

22

بَلِ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يُكَذِّبُونَ

ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх.

23

وَٱللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُوعُونَ

Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг.

24

فَبَشِّرْهُم بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚

25

إِلَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍۭ

Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш боцучаьрна - царна хир ю хедар йоцу ял!