Skip to content
Read the Holy Quran in 49 languages with translation and recitation  Start reading →
Islam Word Quran & Seerah
سُورَةُ إِبۡرَاهِيمَ
Ibrahim — Abraham
Surah 14 · 52 ayahs · Meccan
Full surah recitation Mishary Rashid Alafasy
0:00 0:00
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

Translation: Magomedov

1

الٓر ۚ كِتَٰبٌ أَنزَلْنَٰهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ ٱلنَّاسَ مِنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَىٰ صِرَٰطِ ٱلْعَزِيزِ ٱلْحَمِيدِ

Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах бодашкара серлонга арабахийтархьама – шайн Кхиош-кхобучун пурбанца ша веза волчуьнан‚ ша хастаме волчуьнан некъа тIе‚

2

ٱللَّهِ ٱلَّذِى لَهُۥ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَمَا فِى ٱلْأَرْضِ ۗ وَوَيْلٌۭ لِّلْكَٰفِرِينَ مِنْ عَذَابٍۢ شَدِيدٍ

Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. Бала бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах.

3

ٱلَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ ٱلْحَيَوٰةَ ٱلدُّنْيَا عَلَى ٱلْءَاخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ فِى ضَلَٰلٍۭ بَعِيدٍۢ

Ишттаниш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал сов дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тиларчохь ма бу.

4

وَمَآ أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلَّا بِلِسَانِ قَوْمِهِۦ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ ۖ فَيُضِلُّ ٱللَّهُ مَن يَشَآءُ وَيَهْدِى مَن يَشَآءُ ۚ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Оха ца ваийтина цхьа а элча цуьнан нехан маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

5

وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِـَٔايَٰتِنَآ أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ وَذَكِّرْهُم بِأَيَّىٰمِ ٱللَّهِ ۚ إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَءَايَٰتٍۢ لِّكُلِّ صَبَّارٍۢ شَكُورٍۢ

Оха Муса вахийтира Тхан аяташца: "Арадаккха хьан къам бодашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайн дукхахилла/ денош"‚- аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.

6

وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ ٱذْكُرُوا۟ نِعْمَةَ ٱللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنجَىٰكُم مِّنْ ءَالِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوٓءَ ٱلْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَآءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَآءَكُمْ ۚ وَفِى ذَٰلِكُم بَلَآءٌۭ مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌۭ

Мусас аьллера шен къоме: "Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьарадехира шу ФирIавнан доьзалах‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош болчу‚ шун кIентий бойуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара доккха зер ду шуна".

7

وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِن شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِن كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِى لَشَدِيدٌۭ

Шун Кхиош-кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Аса совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аша керстаналла дича Сан Iазап чIогIа ду!"

8

وَقَالَ مُوسَىٰٓ إِن تَكْفُرُوٓا۟ أَنتُمْ وَمَن فِى ٱلْأَرْضِ جَمِيعًۭا فَإِنَّ ٱللَّهَ لَغَنِىٌّ حَمِيدٌ

Мусас элира: "Керстаналла дахь аша а‚ массо лаьттахь мел волчо а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".

9

أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَؤُا۟ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍۢ وَعَادٍۢ وَثَمُودَ ۛ وَٱلَّذِينَ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۛ لَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا ٱللَّهُ ۚ جَآءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِٱلْبَيِّنَٰتِ فَرَدُّوٓا۟ أَيْدِيَهُمْ فِىٓ أَفْوَٰهِهِمْ وَقَالُوٓا۟ إِنَّا كَفَرْنَا بِمَآ أُرْسِلْتُم بِهِۦ وَإِنَّا لَفِى شَكٍّۢ مِّمَّا تَدْعُونَنَآ إِلَيْهِ مُرِيبٍۢ

Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран - Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царел тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – шайн куьйгаш шайн багенашка дохуьйтура цара‚ элира: "Оха керстаналла дина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аша тхо шена тIекхойкхучух".

10

۞ قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِى ٱللَّهِ شَكٌّۭ فَاطِرِ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ مُّسَمًّۭى ۚ قَالُوٓا۟ إِنْ أَنتُمْ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُنَا تُرِيدُونَ أَن تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ ءَابَآؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَٰنٍۢ مُّبِينٍۢ

Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIехьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил".

11

قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِن نَّحْنُ إِلَّا بَشَرٌۭ مِّثْلُكُمْ وَلَٰكِنَّ ٱللَّهَ يَمُنُّ عَلَىٰ مَن يَشَآءُ مِنْ عِبَادِهِۦ ۖ وَمَا كَانَ لَنَآ أَن نَّأْتِيَكُم بِسُلْطَٰنٍ إِلَّا بِإِذْنِ ٱللَّهِ ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُؤْمِنُونَ

Церан элчанаш цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а Дала Шен лех Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил даладойла ца хилла тхан Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.

12

وَمَا لَنَآ أَلَّا نَتَوَكَّلَ عَلَى ٱللَّهِ وَقَدْ هَدَىٰنَا سُبُلَنَا ۚ وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَىٰ مَآ ءَاذَيْتُمُونَا ۚ وَعَلَى ٱللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ ٱلْمُتَوَكِّلُونَ

Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхан некъашна тIе‚ оха собардийр ма ду аша тхуна йинчу халонашкахь‚ шаьш тевжаш берш Далла тIетевжийла!"

13

وَقَالَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُم مِّنْ أَرْضِنَآ أَوْ لَتَعُودُنَّ فِى مِلَّتِنَا ۖ فَأَوْحَىٰٓ إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ ٱلظَّٰلِمِينَ

Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ду шу тхан лаьттара /махкара/ я шу тхан дине доьрзур ду". Церга церан Кхиош-кхобучо вехьица хаийтира: "Банне а хIаллакбийр бу Оха зуламхой‚

14

وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ ٱلْأَرْضَ مِنۢ بَعْدِهِمْ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِى وَخَافَ وَعِيدِ

Оха шу даха ховшор ду лаьттахь царел тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша хIоттарх кхоьруш волчунна‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна".

15

وَٱسْتَفْتَحُوا۟ وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍۢ

Цара толам бийхира – ийшира массо вухахьара Iазапхо.

16

مِّن وَرَآئِهِۦ جَهَنَّمُ وَيُسْقَىٰ مِن مَّآءٍۢ صَدِيدٍۢ

Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ ноткъан хих малор ду цунна.

17

يَتَجَرَّعُهُۥ وَلَا يَكَادُ يُسِيغُهُۥ وَيَأْتِيهِ ٱلْمَوْتُ مِن كُلِّ مَكَانٍۢ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍۢ ۖ وَمِن وَرَآئِهِۦ عَذَابٌ غَلِيظٌۭ

Цо къурд бийр бу оцунах‚ герга вац и худа – массо меттигера цунна тIе валар догIу‚ и лан ца ло‚ цуьнан тIехьахула луьра Iазап ду.

18

مَّثَلُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ بِرَبِّهِمْ ۖ أَعْمَٰلُهُمْ كَرَمَادٍ ٱشْتَدَّتْ بِهِ ٱلرِّيحُ فِى يَوْمٍ عَاصِفٍۢ ۖ لَّا يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُوا۟ عَلَىٰ شَىْءٍۢ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلضَّلَٰلُ ٱلْبَعِيدُ

Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чимах тера ю, буьрсачу дийнахь шеца мох чIагIбелла болчу. Шаьш тардинчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!

19

أَلَمْ تَرَ أَنَّ ٱللَّهَ خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ بِٱلْحَقِّ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍۢ جَدِيدٍۢ

Хьуна ца гина Дала стигланаш а‚ латта а кхоьллина хилар хьакъ-бакъ? Шена лаахь Цо шу дIа а дахийтина, керла халкъ далор ду.

20

وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ بِعَزِيزٍۢ

И Далла дезза (хала хIума) дац.

21

وَبَرَزُوا۟ لِلَّهِ جَمِيعًۭا فَقَالَ ٱلضُّعَفَٰٓؤُا۟ لِلَّذِينَ ٱسْتَكْبَرُوٓا۟ إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًۭا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ ٱللَّهِ مِن شَىْءٍۢ ۚ قَالُوا۟ لَوْ هَدَىٰنَا ٱللَّهُ لَهَدَيْنَٰكُمْ ۖ سَوَآءٌ عَلَيْنَآ أَجَزِعْنَآ أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍۢ

Далла гучабовлур бу берриге /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр кура хиллачаьрга: "Тхо хилира /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуттуш. Шуна яккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду тхо синтем байна хьийзича а‚ я тхо собар деш Iийча а – тхуна кIелхьарадовлар дац".

22

وَقَالَ ٱلشَّيْطَٰنُ لَمَّا قُضِىَ ٱلْأَمْرُ إِنَّ ٱللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ ٱلْحَقِّ وَوَعَدتُّكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِىَ عَلَيْكُم مِّن سُلْطَٰنٍ إِلَّآ أَن دَعَوْتُكُمْ فَٱسْتَجَبْتُمْ لِى ۖ فَلَا تَلُومُونِى وَلُومُوٓا۟ أَنفُسَكُم ۖ مَّآ أَنَا۠ بِمُصْرِخِكُمْ وَمَآ أَنتُم بِمُصْرِخِىَّ ۖ إِنِّى كَفَرْتُ بِمَآ أَشْرَكْتُمُونِ مِن قَبْلُ ۗ إِنَّ ٱلظَّٰلِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌۭ

ШайтIано эр ду /къематдийнахь/ гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – аса тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, аса шуьга кхайкхар бен – аша суна жоп делира. Суна бехкаш ма баха – шайна бехкаш баха. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Аса керстаналла дина аша со хьалха накъост лаьцна хиларна". Баккъалла а, зуламхошна лазош долу Iазап ду.

23

وَأُدْخِلَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَٰمٌ

Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубоьхкина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ шаьш гуттар цу чохь лаьтташ шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" ду.

24

أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ ٱللَّهُ مَثَلًۭا كَلِمَةًۭ طَيِّبَةًۭ كَشَجَرَةٍۢ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌۭ وَفَرْعُهَا فِى ٱلسَّمَآءِ

Хьуна ца гина‚ муха масал далийна Дала хазачу дашах – и хазачу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.

25

تُؤْتِىٓ أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍۭ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ ٱللَّهُ ٱلْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

Шен даар ло цо массо хенахь шен Кхиош-кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!

26

وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍۢ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ ٱجْتُثَّتْ مِن فَوْقِ ٱلْأَرْضِ مَا لَهَا مِن قَرَارٍۢ

Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.

27

يُثَبِّتُ ٱللَّهُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِٱلْقَوْلِ ٱلثَّابِتِ فِى ٱلْحَيَوٰةِ ٱلدُّنْيَا وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ ٱللَّهُ ٱلظَّٰلِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ ٱللَّهُ مَا يَشَآءُ

Дала чIагIбо иман диллинарш чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала Шена луъург до.

28

۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى ٱلَّذِينَ بَدَّلُوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ كُفْرًۭا وَأَحَلُّوا۟ قَوْمَهُمْ دَارَ ٱلْبَوَارِ

Хьуна ца гина шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинарш‚ шайн халкъ хIаллакьхиллачу цIа чу охьа ма биссий цара

29

جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا ۖ وَبِئْسَ ٱلْقَرَارُ

Жоьжахатин чу – цу чохь бегар бу уьш. Ма вон чIагIо ю-кх!

30

وَجَعَلُوا۟ لِلَّهِ أَندَادًۭا لِّيُضِلُّوا۟ عَن سَبِيلِهِۦ ۗ قُلْ تَمَتَّعُوا۟ فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى ٱلنَّارِ

Далла накъостий хилийтира цара – Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар цIерга ду".

31

قُل لِّعِبَادِىَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ يُقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُنفِقُوا۟ مِمَّا رَزَقْنَٰهُمْ سِرًّۭا وَعَلَانِيَةًۭ مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِىَ يَوْمٌۭ لَّا بَيْعٌۭ فِيهِ وَلَا خِلَٰلٌ

Ахьа ала Сан иман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанх харж йойла /Делан новкъах/ къайлах а‚ гуш а шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/ де дале хьалха.

32

ٱللَّهُ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَأَنزَلَ مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ فَأَخْرَجَ بِهِۦ مِنَ ٱلثَّمَرَٰتِ رِزْقًۭا لَّكُمْ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلْفُلْكَ لِتَجْرِىَ فِى ٱلْبَحْرِ بِأَمْرِهِۦ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلْأَنْهَٰرَ

Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо доссийна стиглара хи‚ цуьнца стоьмех шуна рицкъа даьккхина Цо. Шуна муьтIахь дина Цо кема, и лелархьама хIорда чохь Цуьнан омрица‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.

33

وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلشَّمْسَ وَٱلْقَمَرَ دَآئِبَيْنِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ ٱلَّيْلَ وَٱلنَّهَارَ

Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ – и шиъ ца соццуш болх беш болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.

34

وَءَاتَىٰكُم مِّن كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ ۚ وَإِن تَعُدُّوا۟ نِعْمَتَ ٱللَّهِ لَا تُحْصُوهَآ ۗ إِنَّ ٱلْإِنسَٰنَ لَظَلُومٌۭ كَفَّارٌۭ

Массо аша шех дехначух шуна делла Цо. Делан ниIматаш аша дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам зуламе а ма ду‚ баркалла олуш а ма дац.

35

وَإِذْ قَالَ إِبْرَٰهِيمُ رَبِّ ٱجْعَلْ هَٰذَا ٱلْبَلَدَ ءَامِنًۭا وَٱجْنُبْنِى وَبَنِىَّ أَن نَّعْبُدَ ٱلْأَصْنَامَ

ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хилийталахь хIара мохк кхерам боцуш‚ со а‚ сан кIентий а гена бахалахь жIарашна Iибадат дарх.

36

رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًۭا مِّنَ ٱلنَّاسِ ۖ فَمَن تَبِعَنِى فَإِنَّهُۥ مِنِّى ۖ وَمَنْ عَصَانِى فَإِنَّكَ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ

Со Кхиош-кхобушверг‚ цара тила ма бина нахах дукхахберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – соьх ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх.

37

رَّبَّنَآ إِنِّىٓ أَسْكَنتُ مِن ذُرِّيَّتِى بِوَادٍ غَيْرِ ذِى زَرْعٍ عِندَ بَيْتِكَ ٱلْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُوا۟ ٱلصَّلَوٰةَ فَٱجْعَلْ أَفْـِٔدَةًۭ مِّنَ ٱلنَّاسِ تَهْوِىٓ إِلَيْهِمْ وَٱرْزُقْهُم مِّنَ ٱلثَّمَرَٰتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ

Тхан Кхиош-кхобург! Аса даха хаий сан зуьрет ялта доцчу боьрахь Хьан сийлахь долчу цIийнан уллохь. Тхан Кхиош-кхобург! Ламаз хIоттадойла цара‚ нехан дегнаш цергахьа шовкъ йолуш хилийталахь‚ стоьмех рицкъа лолахь царна – цара баркалла ала мегара.

38

رَبَّنَآ إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِى وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى ٱللَّهِ مِن شَىْءٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِى ٱلسَّمَآءِ

Тхан Кхиош-кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха дIахьедориг а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.

39

ٱلْحَمْدُ لِلَّهِ ٱلَّذِى وَهَبَ لِى عَلَى ٱلْكِبَرِ إِسْمَٰعِيلَ وَإِسْحَٰقَ ۚ إِنَّ رَبِّى لَسَمِيعُ ٱلدُّعَآءِ

Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург доIа хезаш верг ву-кх.

40

رَبِّ ٱجْعَلْنِى مُقِيمَ ٱلصَّلَوٰةِ وَمِن ذُرِّيَّتِى ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ

Сан Кхиош-кхобург‚ соьх хилийталахь ламаз хIоттадийриг‚ сан зуьретах а /хилийталахь дика Iамалш ерш берш/. Тхан Кхиош-кхобург‚ сан доIа къобалделахь.

41

رَبَّنَا ٱغْفِرْ لِى وَلِوَٰلِدَىَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ ٱلْحِسَابُ

Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу дийнахь".

42

وَلَا تَحْسَبَنَّ ٱللَّهَ غَٰفِلًا عَمَّا يَعْمَلُ ٱلظَّٰلِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍۢ تَشْخَصُ فِيهِ ٱلْأَبْصَٰرُ

Хьуна ма мотталахь Дела гIовпал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш шена чохь бIаьргаш ирх кхетта хир болчу /къемат/ дийне.

43

مُهْطِعِينَ مُقْنِعِى رُءُوسِهِمْ لَا يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ ۖ وَأَفْـِٔدَتُهُمْ هَوَآءٌۭ

Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар духадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш хIаваъ хир ду.

44

وَأَنذِرِ ٱلنَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ ٱلْعَذَابُ فَيَقُولُ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوا۟ رَبَّنَآ أَخِّرْنَآ إِلَىٰٓ أَجَلٍۢ قَرِيبٍۢ نُّجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ ٱلرُّسُلَ ۗ أَوَلَمْ تَكُونُوٓا۟ أَقْسَمْتُم مِّن قَبْلُ مَا لَكُم مِّن زَوَالٍۢ

Ахьа кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ тIаккха шаьш зулам диначара эр ду: "Тхан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо гергарчу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дIатилар дац, бохуш?

45

وَسَكَنتُمْ فِى مَسَٰكِنِ ٱلَّذِينَ ظَلَمُوٓا۟ أَنفُسَهُمْ وَتَبَيَّنَ لَكُمْ كَيْفَ فَعَلْنَا بِهِمْ وَضَرَبْنَا لَكُمُ ٱلْأَمْثَالَ

Шу охьахевшира шайна зуламаш диначерийн гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.

46

وَقَدْ مَكَرُوا۟ مَكْرَهُمْ وَعِندَ ٱللَّهِ مَكْرُهُمْ وَإِن كَانَ مَكْرُهُمْ لِتَزُولَ مِنْهُ ٱلْجِبَالُ

Шайн мекарло йира цара‚ Далла гергахь ю церан мекарло‚ церан мекарло хиллехь ша лаьмнаш дIадохуьйтуш.

47

فَلَا تَحْسَبَنَّ ٱللَّهَ مُخْلِفَ وَعْدِهِۦ رُسُلَهُۥٓ ۗ إِنَّ ٱللَّهَ عَزِيزٌۭ ذُو ٱنتِقَامٍۢ

Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шен берг а ву.

48

يَوْمَ تُبَدَّلُ ٱلْأَرْضُ غَيْرَ ٱلْأَرْضِ وَٱلسَّمَٰوَٰتُ ۖ وَبَرَزُوا۟ لِلَّهِ ٱلْوَٰحِدِ ٱلْقَهَّارِ

Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш цхьаъ волчу‚ нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.

49

وَتَرَى ٱلْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍۢ مُّقَرَّنِينَ فِى ٱلْأَصْفَادِ

Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш буржулашца /зIенашца/ бихкина.

50

سَرَابِيلُهُم مِّن قَطِرَانٍۢ وَتَغْشَىٰ وُجُوهَهُمُ ٱلنَّارُ

Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIалоцур ю

51

لِيَجْزِىَ ٱللَّهُ كُلَّ نَفْسٍۢ مَّا كَسَبَتْ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ سَرِيعُ ٱلْحِسَابِ

Дала бекхам балархьама хIора сина ша карийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарца сиханиг ву.

52

هَٰذَا بَلَٰغٌۭ لِّلنَّاسِ وَلِيُنذَرُوا۟ بِهِۦ وَلِيَعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌۭ وَٰحِدٌۭ وَلِيَذَّكَّرَ أُو۟لُوا۟ ٱلْأَلْبَٰبِ

ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдерш кхетархьама а.