Skip to content
Read the Holy Quran in 49 languages with translation and recitation  Start reading →
Islam Word Quran & Seerah
سُورَةُ الحَدِيدِ
Al-Hadid — The Iron
Surah 57 · 29 ayahs · Medinan
Full surah recitation Mishary Rashid Alafasy
0:00 0:00
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

Translation: Magomedov

1

سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِى ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ وَهُوَ ٱلْعَزِيزُ ٱلْحَكِيمُ

Далла тасбахь дина стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

2

لَهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۖ يُحْىِۦ وَيُمِيتُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَىْءٍۢ قَدِيرٌ

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо а хIумана тIехь ницIкъ кхочуш ву.

3

هُوَ ٱلْأَوَّلُ وَٱلْءَاخِرُ وَٱلظَّٰهِرُ وَٱلْبَاطِنُ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَىْءٍ عَلِيمٌ

Иза ву хьалхарниг а‚ тIаьхьарниг а‚ гучахь верг а‚ къайлахь верг а. Иза ву массо хIума хууш верг а.

4

هُوَ ٱلَّذِى خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ ثُمَّ ٱسْتَوَىٰ عَلَى ٱلْعَرْشِ ۚ يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِى ٱلْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۖ وَهُوَ مَعَكُمْ أَيْنَ مَا كُنتُمْ ۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌۭ

Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь. Цуна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра ара дуьйлург а‚ стиглара охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву шу миччахьахь хилчи а. И Дела аш дийриг гуш ву.

5

لَّهُۥ مُلْكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ وَإِلَى ٱللَّهِ تُرْجَعُ ٱلْأُمُورُ

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадоьрзу гIуллакхаш.

6

يُولِجُ ٱلَّيْلَ فِى ٱلنَّهَارِ وَيُولِجُ ٱلنَّهَارَ فِى ٱلَّيْلِ ۚ وَهُوَ عَلِيمٌۢ بِذَاتِ ٱلصُّدُورِ

Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсана чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг.

7

ءَامِنُوا۟ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦ وَأَنفِقُوا۟ مِمَّا جَعَلَكُم مُّسْتَخْلَفِينَ فِيهِ ۖ فَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مِنكُمْ وَأَنفَقُوا۟ لَهُمْ أَجْرٌۭ كَبِيرٌۭ

Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь - сагIа луш…/ Оха шаьш тIаьхье хилийтинчух. Шун юкъара /Делан новкъахь/ харжаш йинарш - царна йоккха ял ю.

8

وَمَا لَكُمْ لَا تُؤْمِنُونَ بِٱللَّهِ ۙ وَٱلرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ لِتُؤْمِنُوا۟ بِرَبِّكُمْ وَقَدْ أَخَذَ مِيثَٰقَكُمْ إِن كُنتُم مُّؤْمِنِينَ

Шуна хIун ду ца теша Делах? - Элча ма ву-й шу кхойкхуш шайн Кхиош-кхобучуьнга тешаре‚ Цо ("Ша ву-й шун Дела", олуш аш "Ву Деллара", олуш) шуьгара чIагIо ма эцна, шу муъма нах делахь.

9

هُوَ ٱلَّذِى يُنَزِّلُ عَلَىٰ عَبْدِهِۦٓ ءَايَٰتٍۭ بَيِّنَٰتٍۢ لِّيُخْرِجَكُم مِّنَ ٱلظُّلُمَٰتِ إِلَى ٱلنُّورِ ۚ وَإِنَّ ٱللَّهَ بِكُمْ لَرَءُوفٌۭ رَّحِيمٌۭ

Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ шу арадахархьама боданера нуре. Баккъалла а, и Дела шух дог лезаш а‚ къинхетаме а ма ву.

10

وَمَا لَكُمْ أَلَّا تُنفِقُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَلِلَّهِ مِيرَٰثُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضِ ۚ لَا يَسْتَوِى مِنكُم مَّنْ أَنفَقَ مِن قَبْلِ ٱلْفَتْحِ وَقَٰتَلَ ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ أَعْظَمُ دَرَجَةًۭ مِّنَ ٱلَّذِينَ أَنفَقُوا۟ مِنۢ بَعْدُ وَقَٰتَلُوا۟ ۚ وَكُلًّۭا وَعَدَ ٱللَّهُ ٱلْحُسْنَىٰ ۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌۭ

Шуна хIун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс! Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толам баккхале‚ тIом бинарг /цул тIаьхьа харжаш йинарг а‚ тIом бинарг а/. Царна вуно сийлахь-йоккха ял ю тIаьхьа харж йиначарел‚ тIаьхьа тIом биначарел. /Царна/ массарна а хазниг ваIда йина Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву.

11

مَّن ذَا ٱلَّذِى يُقْرِضُ ٱللَّهَ قَرْضًا حَسَنًۭا فَيُضَٰعِفَهُۥ لَهُۥ وَلَهُۥٓ أَجْرٌۭ كَرِيمٌۭ

Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг - Цо тIеттIа алсам доккхур ду Иза цуна‚ цуна хир ю сийлахь йолу ял а.

12

يَوْمَ تَرَى ٱلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ يَسْعَىٰ نُورُهُم بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَٰنِهِم بُشْرَىٰكُمُ ٱلْيَوْمَ جَنَّٰتٌۭ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ خَٰلِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ هُوَ ٱلْفَوْزُ ٱلْعَظِيمُ

Оцу /къемат/ дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъма божарий и муъма зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: " Кхаъ бу шуна тахана - бошмаш шайн бухахула /хин/ татолаш лелаш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!"

13

يَوْمَ يَقُولُ ٱلْمُنَٰفِقُونَ وَٱلْمُنَٰفِقَٰتُ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱنظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِن نُّورِكُمْ قِيلَ ٱرْجِعُوا۟ وَرَآءَكُمْ فَٱلْتَمِسُوا۟ نُورًۭا فَضُرِبَ بَيْنَهُم بِسُورٍۢ لَّهُۥ بَابٌۢ بَاطِنُهُۥ فِيهِ ٱلرَّحْمَةُ وَظَٰهِرُهُۥ مِن قِبَلِهِ ٱلْعَذَابُ

Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: "Хьажаш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха". Олур ду: "Духа дерза‚ лаха шайна нур!" Царна /муъма нехан а мунепикъ нехан а/ юккъехь керт хIоттор ю шена неI йолуш‚ цуьнан бухахула къинхетам болуш /муъма нах болу агIо/‚ цуьнан тIехахула Iазап долуш /мунепикъ нах болу агIо/.

14

يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُن مَّعَكُمْ ۖ قَالُوا۟ بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنتُمْ أَنفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَٱرْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ ٱلْأَمَانِىُّ حَتَّىٰ جَآءَ أَمْرُ ٱللَّهِ وَغَرَّكُم بِٱللَّهِ ٱلْغَرُورُ

Цаьрга кхойкхура цара /бухахь болчара - мунепикъаша/: "Тхо шуьца дацара ткъа?" Цара эр: "ХIаъ‚ делахь а шайн догIмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра /Iожалла/ далц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо /шайтIано/.

15

فَٱلْيَوْمَ لَا يُؤْخَذُ مِنكُمْ فِدْيَةٌۭ وَلَا مِنَ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ۚ مَأْوَىٰكُمُ ٱلنَّارُ ۖ هِىَ مَوْلَىٰكُمْ ۖ وَبِئْسَ ٱلْمَصِيرُ

Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ цетешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Церан чугIойла - жоьжахати хир ю. Иза ю шун эла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!"

16

۞ أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَن تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ ٱللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ ٱلْحَقِّ وَلَا يَكُونُوا۟ كَٱلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْكِتَٰبَ مِن قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ ٱلْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ ۖ وَكَثِيرٌۭ مِّنْهُمْ فَٰسِقُونَ

Хан ца кхаьчна-те иман диллинчаьрна шайна дегнаш муьтIахь хилан Дела хьехорна‚ бакъдолчух доьссинчунна‚ уьш ца хилан хьалха шайга жайна доссинчарех тера? Церан-м зама яхъелира - дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царех дукханаш песакъ ма бу.

17

ٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّ ٱللَّهَ يُحْىِ ٱلْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ ٱلْءَايَٰتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тIаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚ шу хир дац-те хьекъале.

18

إِنَّ ٱلْمُصَّدِّقِينَ وَٱلْمُصَّدِّقَٰتِ وَأَقْرَضُوا۟ ٱللَّهَ قَرْضًا حَسَنًۭا يُضَٰعَفُ لَهُمْ وَلَهُمْ أَجْرٌۭ كَرِيمٌۭ

Баккъалла а, сагIа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш - Цо тIеттIа алсам дохур ду царна. Царна хир ю сийлахь ял а.

19

وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِٱللَّهِ وَرُسُلِهِۦٓ أُو۟لَٰٓئِكَ هُمُ ٱلصِّدِّيقُونَ ۖ وَٱلشُّهَدَآءُ عِندَ رَبِّهِمْ لَهُمْ أَجْرُهُمْ وَنُورُهُمْ ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَكَذَّبُوا۟ بِـَٔايَٰتِنَآ أُو۟لَٰٓئِكَ أَصْحَٰبُ ٱلْجَحِيمِ

Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш - уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахIидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а - уьш бу жоьжахатин дай.

20

ٱعْلَمُوٓا۟ أَنَّمَا ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا لَعِبٌۭ وَلَهْوٌۭ وَزِينَةٌۭ وَتَفَاخُرٌۢ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌۭ فِى ٱلْأَمْوَٰلِ وَٱلْأَوْلَٰدِ ۖ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ ٱلْكُفَّارَ نَبَاتُهُۥ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَىٰهُ مُصْفَرًّۭا ثُمَّ يَكُونُ حُطَٰمًۭا ۖ وَفِى ٱلْءَاخِرَةِ عَذَابٌۭ شَدِيدٌۭ وَمَغْفِرَةٌۭ مِّنَ ٱللَّهِ وَرِضْوَٰنٌۭ ۚ وَمَا ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَآ إِلَّا مَتَٰعُ ٱلْغُرُورِ

Шуна хаалаш: дуьненан дахар - ловзар а‚ самукъадаккхар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовшийн юккъехь совбийлар а ду. ДогIех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ йолучу хIуманаша цецбоху керстанаш. ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тIаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцIкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза хилар а ду /муъма нахана/. Ма дац и дуьненан дахар Iехаваларан хIума бен.

21

سَابِقُوٓا۟ إِلَىٰ مَغْفِرَةٍۢ مِّن رَّبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا كَعَرْضِ ٱلسَّمَآءِ وَٱلْأَرْضِ أُعِدَّتْ لِلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ بِٱللَّهِ وَرُسُلِهِۦ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ ٱللَّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ

Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚ лаьттан шораллех тера йолчу‚ ша кечъйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачаьрна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх.

22

مَآ أَصَابَ مِن مُّصِيبَةٍۢ فِى ٱلْأَرْضِ وَلَا فِىٓ أَنفُسِكُمْ إِلَّا فِى كِتَٰبٍۢ مِّن قَبْلِ أَن نَّبْرَأَهَآ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى ٱللَّهِ يَسِيرٌۭ

Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха хилийтале хьалха /Лавхьул-Махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду -

23

لِّكَيْلَا تَأْسَوْا۟ عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا تَفْرَحُوا۟ بِمَآ ءَاتَىٰكُمْ ۗ وَٱللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍۢ فَخُورٍ

/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца дедийтархьама Цо шуна деллачух. Далла ца веза-кх массо кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚-

24

ٱلَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ ٱلنَّاسَ بِٱلْبُخْلِ ۗ وَمَن يَتَوَلَّ فَإِنَّ ٱللَّهَ هُوَ ٱلْغَنِىُّ ٱلْحَمِيدُ

Ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а дIаверзахь /Делан некъах/ - баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш ву‚ хастаме а ву.

25

لَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا بِٱلْبَيِّنَٰتِ وَأَنزَلْنَا مَعَهُمُ ٱلْكِتَٰبَ وَٱلْمِيزَانَ لِيَقُومَ ٱلنَّاسُ بِٱلْقِسْطِ ۖ وَأَنزَلْنَا ٱلْحَدِيدَ فِيهِ بَأْسٌۭ شَدِيدٌۭ وَمَنَٰفِعُ لِلنَّاسِ وَلِيَعْلَمَ ٱللَّهُ مَن يَنصُرُهُۥ وَرُسُلَهُۥ بِٱلْغَيْبِ ۚ إِنَّ ٱللَّهَ قَوِىٌّ عَزِيزٌۭ

Оха бахийтира Тхан элчанаш билгалонашца‚ доссира цаьрца жайна а‚ терза а нах латтархьама нийсона тIехь. Оха доссира эчиг‚ шена чохь чIогIа ницIкъ болуш‚ нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гIо лоцуш верг /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцIкъала ву‚ веза-воккха а ву.

26

وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًۭا وَإِبْرَٰهِيمَ وَجَعَلْنَا فِى ذُرِّيَّتِهِمَا ٱلنُّبُوَّةَ وَٱلْكِتَٰبَ ۖ فَمِنْهُم مُّهْتَدٍۢ ۖ وَكَثِيرٌۭ مِّنْهُمْ فَٰسِقُونَ

Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а. Царех нисвелларг а ву‚ царех дукхаберш песакъ бу-кх.

27

ثُمَّ قَفَّيْنَا عَلَىٰٓ ءَاثَٰرِهِم بِرُسُلِنَا وَقَفَّيْنَا بِعِيسَى ٱبْنِ مَرْيَمَ وَءَاتَيْنَٰهُ ٱلْإِنجِيلَ وَجَعَلْنَا فِى قُلُوبِ ٱلَّذِينَ ٱتَّبَعُوهُ رَأْفَةًۭ وَرَحْمَةًۭ وَرَهْبَانِيَّةً ٱبْتَدَعُوهَا مَا كَتَبْنَٰهَا عَلَيْهِمْ إِلَّا ٱبْتِغَآءَ رِضْوَٰنِ ٱللَّهِ فَمَا رَعَوْهَا حَقَّ رِعَايَتِهَا ۖ فَـَٔاتَيْنَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ مِنْهُمْ أَجْرَهُمْ ۖ وَكَثِيرٌۭ مِّنْهُمْ فَٰسِقُونَ

ТIаккха церан ларца Оха бахийтира Тхан элчанаш. /Церан ларца/ Оха вахийтира Марьяман кIант Iиса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цуьнан тIаьхьахIиттинчаьрийн дегнашкахь хилийтира Оха дог-кIедалла а‚ къинхетам а‚ монашество - иза цара шаьш кхоьллина ю‚ Оха и лелор царна тIе ца диллина‚ Дела реза хилар лахар а бен‚ иза тергал ца йина цара тергал ян ма езза. Царех иман диллинчаьрна шайн ял ели Оха. Царех дукхаберш песакъ бу-кх.

28

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّقُوا۟ ٱللَّهَ وَءَامِنُوا۟ بِرَسُولِهِۦ يُؤْتِكُمْ كِفْلَيْنِ مِن رَّحْمَتِهِۦ وَيَجْعَل لَّكُمْ نُورًۭا تَمْشُونَ بِهِۦ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَٱللَّهُ غَفُورٌۭ رَّحِيمٌۭ

ХIай иман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш - Цо Шен къинхетамах ши дакъа лур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

29

لِّئَلَّا يَعْلَمَ أَهْلُ ٱلْكِتَٰبِ أَلَّا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَىْءٍۢ مِّن فَضْلِ ٱللَّهِ ۙ وَأَنَّ ٱلْفَضْلَ بِيَدِ ٱللَّهِ يُؤْتِيهِ مَن يَشَآءُ ۚ وَٱللَّهُ ذُو ٱلْفَضْلِ ٱلْعَظِيمِ

/И хоуьйту Аса шуна/ жайнан охIлана хаархьама Делан дозаллин цхьанне хIуманна тIехь шайна ницIкъ кхочурбоцийла‚ дозалла Делан карахь дуйла: Цо ло иза Шена луучунна. И Дела Шегахь доккха дозалла долуш ву-кх.