Skip to content
Read the Holy Quran in 49 languages with translation and recitation  Start reading →
Islam Word Quran & Seerah
سُورَةُ قٓ
Qaaf — The letter Qaaf
Surah 50 · 45 ayahs · Meccan
Full surah recitation Mishary Rashid Alafasy
0:00 0:00
بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ

Translation: Magomedov

1

قٓ ۚ وَٱلْقُرْءَانِ ٱلْمَجِيدِ

Къаф. Сийлахь долчу КъурIанора /хьо Делан элча ма ву/.

2

بَلْ عَجِبُوٓا۟ أَن جَآءَهُم مُّنذِرٌۭ مِّنْهُمْ فَقَالَ ٱلْكَٰفِرُونَ هَٰذَا شَىْءٌ عَجِيبٌ

ХIаъ‚ ма цец баьли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варх‚ керстанаша элира: "ХIара тамаше хIума ду:

3

أَءِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًۭا ۖ ذَٰلِكَ رَجْعٌۢ بَعِيدٌۭ

Вай делча‚ вайх поппар хилча‚ /вай духа дендийр ду бохург/ - иза дукха генара духадерзар ду".

4

قَدْ عَلِمْنَا مَا تَنقُصُ ٱلْأَرْضُ مِنْهُمْ ۖ وَعِندَنَا كِتَٰبٌ حَفِيظٌۢ

Тхуна хиира мел лаьтто царех дIахьош бу - Тхоьгахь Iалаш деш долу жайна ма ду.

5

بَلْ كَذَّبُوا۟ بِٱلْحَقِّ لَمَّا جَآءَهُمْ فَهُمْ فِىٓ أَمْرٍۢ مَّرِيجٍ

Цара харцдира бакъдерг /КъурIан/ иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх.

6

أَفَلَمْ يَنظُرُوٓا۟ إِلَى ٱلسَّمَآءِ فَوْقَهُمْ كَيْفَ بَنَيْنَٰهَا وَزَيَّنَّٰهَا وَمَا لَهَا مِن فُرُوجٍۢ

Уьш ца хьоьжу стигала шайна тIехахула‚ муха хIоттина Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац.

7

وَٱلْأَرْضَ مَدَدْنَٰهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَٰسِىَ وَأَنۢبَتْنَا فِيهَا مِن كُلِّ زَوْجٍۭ بَهِيجٍۢ

Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо хазачу шиннах /ораматах/.

8

تَبْصِرَةًۭ وَذِكْرَىٰ لِكُلِّ عَبْدٍۢ مُّنِيبٍۢ

Гар а‚ хьехам а хилла /халийтина Оха уьш/ массо воьрзачу /Тхоьга тобанца/ лена.

9

وَنَزَّلْنَا مِنَ ٱلسَّمَآءِ مَآءًۭ مُّبَٰرَكًۭا فَأَنۢبَتْنَا بِهِۦ جَنَّٰتٍۢ وَحَبَّ ٱلْحَصِيدِ

Оха доссадина стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а.

10

وَٱلنَّخْلَ بَاسِقَٰتٍۢ لَّهَا طَلْعٌۭ نَّضِيدٌۭ

Хурманаш‚ ехха шайн тIеттIа стоьм а болуш.

11

رِّزْقًۭا لِّلْعِبَادِ ۖ وَأَحْيَيْنَا بِهِۦ بَلْدَةًۭ مَّيْتًۭا ۚ كَذَٰلِكَ ٱلْخُرُوجُ

/Делан/ лешна рицIкъ а хилла. Цуьнца /догIица/ Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешнийн чуьра/ арадовлар а.

12

كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍۢ وَأَصْحَٰبُ ٱلرَّسِّ وَثَمُودُ

Харцдира /бакъдолу дин/ царел хьалха Нухьан къамас а‚ Рассан дайша а‚ Самудаша а‚

13

وَعَادٌۭ وَفِرْعَوْنُ وَإِخْوَٰنُ لُوطٍۢ

Iадаша а‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚

14

وَأَصْحَٰبُ ٱلْأَيْكَةِ وَقَوْمُ تُبَّعٍۢ ۚ كُلٌّۭ كَذَّبَ ٱلرُّسُلَ فَحَقَّ وَعِيدِ

Айкатан дайша а‚ ТуббаIан къамо а /Цара/ массоша харцбира элчанаш - бакъ хиллера Сан кхерам /царна тIехь/.

15

أَفَعَيِينَا بِٱلْخَلْقِ ٱلْأَوَّلِ ۚ بَلْ هُمْ فِى لَبْسٍۢ مِّنْ خَلْقٍۢ جَدِيدٍۢ

НицIкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларах /денбарх/.

16

وَلَقَدْ خَلَقْنَا ٱلْإِنسَٰنَ وَنَعْلَمُ مَا تُوَسْوِسُ بِهِۦ نَفْسُهُۥ ۖ وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْ حَبْلِ ٱلْوَرِيدِ

Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цуна лаган пхал а.

17

إِذْ يَتَلَقَّى ٱلْمُتَلَقِّيَانِ عَنِ ٱلْيَمِينِ وَعَنِ ٱلشِّمَالِ قَعِيدٌۭ

ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/ аьтту агIорхьара аьрру агIорхьара а /шаьш/ хевжина долуш.

18

مَّا يَلْفِظُ مِن قَوْلٍ إِلَّا لَدَيْهِ رَقِيبٌ عَتِيدٌۭ

Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергалдеш верг волуш бен /дIаяздеш малик/.

19

وَجَآءَتْ سَكْرَةُ ٱلْمَوْتِ بِٱلْحَقِّ ۖ ذَٰلِكَ مَا كُنتَ مِنْهُ تَحِيدُ

Валаран вахар деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш /кхоьруш/ верг.

20

وَنُفِخَ فِى ٱلصُّورِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ ٱلْوَعِيدِ

Сур лекхира - иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дир ду аьлла/ ваIда йина де.

21

وَجَآءَتْ كُلُّ نَفْسٍۢ مَّعَهَا سَآئِقٌۭ وَشَهِيدٌۭ

Деара массо са шеца дIалоллург а‚ теш а волуш /шеца маликаш а долуш/.

22

لَّقَدْ كُنتَ فِى غَفْلَةٍۢ مِّنْ هَٰذَا فَكَشَفْنَا عَنكَ غِطَآءَكَ فَبَصَرُكَ ٱلْيَوْمَ حَدِيدٌۭ

Хьо хиллера хьокхунах гIапал волуш /тидаме ца оьцуш/ - Оха айдира хьан /бIаьргийн/ тIера кирхьа - тахана хьан бIаьрса ира хилира.

23

وَقَالَ قَرِينُهُۥ هَٰذَا مَا لَدَىَّ عَتِيدٌ

Элира цуьнан накъосто /цунна тIе хIоттинчу малико/: "ХIара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг" - /жоьжахатин Iазап/.

24

أَلْقِيَا فِى جَهَنَّمَ كُلَّ كَفَّارٍ عَنِيدٍۢ

/Омра хир ду/: "Аша шиммо /тIехIоьттинчу малико/ кхосса жоьжахати чу массо нуьцIкъала /дуьхьал/ волу керста.

25

مَّنَّاعٍۢ لِّلْخَيْرِ مُعْتَدٍۢ مُّرِيبٍ

Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу.

26

ٱلَّذِى جَعَلَ مَعَ ٱللَّهِ إِلَٰهًا ءَاخَرَ فَأَلْقِيَاهُ فِى ٱلْعَذَابِ ٱلشَّدِيدِ

Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аша шиммо /омра шина малике ду/ кхосса иза чIогIачу Iазапа чу".

27

۞ قَالَ قَرِينُهُۥ رَبَّنَا مَآ أَطْغَيْتُهُۥ وَلَٰكِن كَانَ فِى ضَلَٰلٍۭ بَعِيدٍۢ

Цуьнан накъосто элира: "Тхан Кхиош-кхобушверг! Аса ца тилина иза‚ тек иза ша хили-кх генарчу тиларчохь".

28

قَالَ لَا تَخْتَصِمُوا۟ لَدَىَّ وَقَدْ قَدَّمْتُ إِلَيْكُم بِٱلْوَعِيدِ

Элира /Дала/: "Аш ма къийса Суна гергахь. Аса хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сан кхерам.

29

مَا يُبَدَّلُ ٱلْقَوْلُ لَدَىَّ وَمَآ أَنَا۠ بِظَلَّٰمٍۢ لِّلْعَبِيدِ

Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зулам дийр долуш Сан лешна".

30

يَوْمَ نَقُولُ لِجَهَنَّمَ هَلِ ٱمْتَلَأْتِ وَتَقُولُ هَلْ مِن مَّزِيدٍۢ

Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: "Хьо юьзний?" Цо эр: "Кхин сов бу-й?" /чубахка/.

31

وَأُزْلِفَتِ ٱلْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ غَيْرَ بَعِيدٍ

Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручаьрна гена йоцуш.

32

هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِكُلِّ أَوَّابٍ حَفِيظٍۢ

ХIара ду шуна хир ду аьлларг массо /тоба дарца/ Далла тIе воьрзучунна‚ /дин/ Iалашдечунна.

33

مَّنْ خَشِىَ ٱلرَّحْمَٰنَ بِٱلْغَيْبِ وَجَآءَ بِقَلْبٍۢ مُّنِيبٍ

Къинхетаме волчунах кхоьруш хиллачунна Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тIе/ доьрзучу дагца веъна волчу.

34

ٱدْخُلُوهَا بِسَلَٰمٍۢ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ ٱلْخُلُودِ

ЧугIо цуна машарца! ХIара ду гуттаренан де.

35

لَهُم مَّا يَشَآءُونَ فِيهَا وَلَدَيْنَا مَزِيدٌۭ

Царна шайна луург ду цу чохь. Тхоьгахь тIетоха а ду.

36

وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُم مِّن قَرْنٍ هُمْ أَشَدُّ مِنْهُم بَطْشًۭا فَنَقَّبُوا۟ فِى ٱلْبِلَٰدِ هَلْ مِن مَّحِيصٍ

Мел хIаллакьйина Оха царел хьалха тIаьхьенаш‚ уьш царел мелхо а чIогIа а болуш нуьцIкъаца. Уьш дIа-схьаийдира махкахула‚ ю-й техьа /валарх/ кIелхьарабовла меттиг?

37

إِنَّ فِى ذَٰلِكَ لَذِكْرَىٰ لِمَن كَانَ لَهُۥ قَلْبٌ أَوْ أَلْقَى ٱلسَّمْعَ وَهُوَ شَهِيدٌۭ

Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шена дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогIа/ ша теш а волуш.

38

وَلَقَدْ خَلَقْنَا ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِى سِتَّةِ أَيَّامٍۢ وَمَا مَسَّنَا مِن لُّغُوبٍۢ

Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхоьх ца хьакхаделира цхьа а кIаддалар.

39

فَٱصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ ٱلشَّمْسِ وَقَبْلَ ٱلْغُرُوبِ

Ахьа собар де цара дуьйцучунна тIехь‚ тасбахь де хьуьо Кхиош-кхобуш верг хасторца малх схьакхетале а‚ дIабузале а.

40

وَمِنَ ٱلَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَأَدْبَٰرَ ٱلسُّجُودِ

Буьйсанах а - тасбахь де Цуна‚ сужданийн /ламазийн/ тIаьхьа а.

41

وَٱسْتَمِعْ يَوْمَ يُنَادِ ٱلْمُنَادِ مِن مَّكَانٍۢ قَرِيبٍۢ

ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучо кхойкхур долчу гергарчу меттера.

42

يَوْمَ يَسْمَعُونَ ٱلصَّيْحَةَ بِٱلْحَقِّ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ ٱلْخُرُوجِ

Оцу дийнахь царна хозур бу мохь /юха денбар/ бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/.

43

إِنَّا نَحْنُ نُحْىِۦ وَنُمِيتُ وَإِلَيْنَا ٱلْمَصِيرُ

Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а.

44

يَوْمَ تَشَقَّقُ ٱلْأَرْضُ عَنْهُمْ سِرَاعًۭا ۚ ذَٰلِكَ حَشْرٌ عَلَيْنَا يَسِيرٌۭ

Оцу дийнахь латта дедар ду царех /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду.

45

نَّحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ ۖ وَمَآ أَنتَ عَلَيْهِم بِجَبَّارٍۢ ۖ فَذَكِّرْ بِٱلْقُرْءَانِ مَن يَخَافُ وَعِيدِ

Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницIкъ бан. Хьехам бе КъурIанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна.