بِسْمِ ٱللَّهِ ٱلرَّحْمَٰنِ ٱلرَّحِيمِ
Translation: Magomedov
1
ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ أَضَلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Шаьш цатешарш а‚ Делан некъах /нах/ тилийнарш а - Цо дIатилина церан Iамалш /цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартехь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц/.
2
وَٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ وَءَامَنُوا۟ بِمَا نُزِّلَ عَلَىٰ مُحَمَّدٍۢ وَهُوَ ٱلْحَقُّ مِن رَّبِّهِمْ ۙ كَفَّرَ عَنْهُمْ سَيِّـَٔاتِهِمْ وَأَصْلَحَ بَالَهُمْ
Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а - иза церан Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдерг ду - Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх.
3
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ ٱتَّبَعُوا۟ ٱلْبَٰطِلَ وَأَنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ ٱتَّبَعُوا۟ ٱلْحَقَّ مِن رَّبِّهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ ٱللَّهُ لِلنَّاسِ أَمْثَٰلَهُمْ
Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуттуш хиларна харцдолчунна‚ иман диллинарш тIаьхьахIуттуш хиларна шайн Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдолчунна. Иштта дало Дала нахана шайн масалш.
4
فَإِذَا لَقِيتُمُ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَضَرْبَ ٱلرِّقَابِ حَتَّىٰٓ إِذَآ أَثْخَنتُمُوهُمْ فَشُدُّوا۟ ٱلْوَثَاقَ فَإِمَّا مَنًّۢا بَعْدُ وَإِمَّا فِدَآءً حَتَّىٰ تَضَعَ ٱلْحَرْبُ أَوْزَارَهَا ۚ ذَٰلِكَ وَلَوْ يَشَآءُ ٱللَّهُ لَٱنتَصَرَ مِنْهُمْ وَلَٰكِن لِّيَبْلُوَا۟ بَعْضَكُم بِبَعْضٍۢ ۗ وَٱلَّذِينَ قُتِلُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ فَلَن يُضِلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Шаьш дуьхьал кхетча цатешначаьрца - лагах тоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе буржолаш - тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур - тIамо шен муьхь охьабиллалц. Иза Далла лаахьара Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун цхьаберш вакхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш - Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
5
سَيَهْدِيهِمْ وَيُصْلِحُ بَالَهُمْ
Цо нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.
6
وَيُدْخِلُهُمُ ٱلْجَنَّةَ عَرَّفَهَا لَهُمْ
Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу.
7
يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ إِن تَنصُرُوا۟ ٱللَّهَ يَنصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ
ХIай иман диллинарш! Аша Далла гIо дахь /Цуьнан гIуллакхна/‚ Цо шуна гIо дийр ду‚ шун ког чIагIбийр бу.
8
وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ فَتَعْسًۭا لَّهُمْ وَأَضَلَّ أَعْمَٰلَهُمْ
Цатешнарш - хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.
9
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَرِهُوا۟ مَآ أَنزَلَ ٱللَّهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَٰلَهُمْ
Иза царна ца дийзина дела Дала охьадоссинарг - Цо дIаяйа церан Iамалш.
10
۞ أَفَلَمْ يَسِيرُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ فَيَنظُرُوا۟ كَيْفَ كَانَ عَٰقِبَةُ ٱلَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۚ دَمَّرَ ٱللَّهُ عَلَيْهِمْ ۖ وَلِلْكَٰفِرِينَ أَمْثَٰلُهَا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу‚ муха хилла царел хьалхалерачаьрийн тIаьхье? Дала аьтира уьш. /ХIокху/ керстанашна а цуьнах тераниг хир ду.
11
ذَٰلِكَ بِأَنَّ ٱللَّهَ مَوْلَى ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَأَنَّ ٱلْكَٰفِرِينَ لَا مَوْلَىٰ لَهُمْ
Иза Дела иман диллинчаьрийн доладийриг волу дела ду‚ ткъа керстанаш - церан доладийриг вац.
12
إِنَّ ٱللَّهَ يُدْخِلُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ وَعَمِلُوا۟ ٱلصَّٰلِحَٰتِ جَنَّٰتٍۢ تَجْرِى مِن تَحْتِهَا ٱلْأَنْهَٰرُ ۖ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يَتَمَتَّعُونَ وَيَأْكُلُونَ كَمَا تَأْكُلُ ٱلْأَنْعَٰمُ وَٱلنَّارُ مَثْوًۭى لَّهُمْ
Баккъалла а, Дала бухкур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма дуу - /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.
13
وَكَأَيِّن مِّن قَرْيَةٍ هِىَ أَشَدُّ قُوَّةًۭ مِّن قَرْيَتِكَ ٱلَّتِىٓ أَخْرَجَتْكَ أَهْلَكْنَٰهُمْ فَلَا نَاصِرَ لَهُمْ
Мел юрт‚ шаьш хьо шена чуьра ара ваьккхина хьан юьртал (Маккал) мелхо нуьцIкъала йолуш йолу‚ хIаллакьйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча.
14
أَفَمَن كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍۢ مِّن رَّبِّهِۦ كَمَن زُيِّنَ لَهُۥ سُوٓءُ عَمَلِهِۦ وَٱتَّبَعُوٓا۟ أَهْوَآءَهُم
Ша Кхиош-кхобушволчуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазахетачух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIоьтинчух?
15
مَّثَلُ ٱلْجَنَّةِ ٱلَّتِى وُعِدَ ٱلْمُتَّقُونَ ۖ فِيهَآ أَنْهَٰرٌۭ مِّن مَّآءٍ غَيْرِ ءَاسِنٍۢ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّن لَّبَنٍۢ لَّمْ يَتَغَيَّرْ طَعْمُهُۥ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّنْ خَمْرٍۢ لَّذَّةٍۢ لِّلشَّٰرِبِينَ وَأَنْهَٰرٌۭ مِّنْ عَسَلٍۢ مُّصَفًّۭى ۖ وَلَهُمْ فِيهَا مِن كُلِّ ٱلثَّمَرَٰتِ وَمَغْفِرَةٌۭ مِّن رَّبِّهِمْ ۖ كَمَنْ هُوَ خَٰلِدٌۭ فِى ٱلنَّارِ وَسُقُوا۟ مَآءً حَمِيمًۭا فَقَطَّعَ أَمْعَآءَهُمْ
/Делах/ кхоьручаьрна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучаьрна чIогIа чомехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобушволчуьнгара гечдар а ду. Уьш /ялсаманин дай/ тера бу-й гуттар цIергахь болчарех /жоьжахатин дайх/ шайна кхахкина хи малош болчу - тIаккха цо церан чуьйраш хадош болчу?
16
وَمِنْهُم مَّن يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ حَتَّىٰٓ إِذَا خَرَجُوا۟ مِنْ عِندِكَ قَالُوا۟ لِلَّذِينَ أُوتُوا۟ ٱلْعِلْمَ مَاذَا قَالَ ءَانِفًا ۚ أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ طَبَعَ ٱللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَٱتَّبَعُوٓا۟ أَهْوَآءَهُمْ
Царех хьоьга ладугIурш бу шаьш хьо волчуьра ара ма баьллинехь цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо /Мухьаммада/ хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабаьлларш.
17
وَٱلَّذِينَ ٱهْتَدَوْا۟ زَادَهُمْ هُدًۭى وَءَاتَىٰهُمْ تَقْوَىٰهُمْ
Шаьш нисбелларш а - Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.
18
فَهَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا ٱلسَّاعَةَ أَن تَأْتِيَهُم بَغْتَةًۭ ۖ فَقَدْ جَآءَ أَشْرَاطُهَا ۚ فَأَنَّىٰ لَهُمْ إِذَا جَآءَتْهُمْ ذِكْرَىٰهُمْ
Уьш хьоьжур бу-й сахьте иза шайна дарх цIеххьана. Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деъна. Мичара хир бу царна иза шайна деъча шайн хьехам? /Цо гIо дийр дац царна тIаккха/.
19
فَٱعْلَمْ أَنَّهُۥ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا ٱللَّهُ وَٱسْتَغْفِرْ لِذَنۢبِكَ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَٱلْمُؤْمِنَٰتِ ۗ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ مُتَقَلَّبَكُمْ وَمَثْوَىٰكُمْ
Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI бен‚ гечдар деха хьан къина а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасхьаийдир /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буьйсана/.
20
وَيَقُولُ ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ لَوْلَا نُزِّلَتْ سُورَةٌۭ ۖ فَإِذَآ أُنزِلَتْ سُورَةٌۭ مُّحْكَمَةٌۭ وَذُكِرَ فِيهَا ٱلْقِتَالُ ۙ رَأَيْتَ ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌۭ يَنظُرُونَ إِلَيْكَ نَظَرَ ٱلْمَغْشِىِّ عَلَيْهِ مِنَ ٱلْمَوْتِ ۖ فَأَوْلَىٰ لَهُمْ
Иман диллинчаьра олу: "Сурат доьссинехьара". Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш шена вала хорша енарг санна. Царна мелхо таме дара -
21
طَاعَةٌۭ وَقَوْلٌۭ مَّعْرُوفٌۭ ۚ فَإِذَا عَزَمَ ٱلْأَمْرُ فَلَوْ صَدَقُوا۟ ٱللَّهَ لَكَانَ خَيْرًۭا لَّهُمْ
МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а /там бара цаьргара хьуна хила/. ГIуллакх сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча - дика дара-кх царна.
22
فَهَلْ عَسَيْتُمْ إِن تَوَلَّيْتُمْ أَن تُفْسِدُوا۟ فِى ٱلْأَرْضِ وَتُقَطِّعُوٓا۟ أَرْحَامَكُمْ
Шу хила мега шаьш /иманах/ дIадирзича боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш тоьдуш?
23
أُو۟لَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ لَعَنَهُمُ ٱللَّهُ فَأَصَمَّهُمْ وَأَعْمَىٰٓ أَبْصَٰرَهُمْ
Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.
24
أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ ٱلْقُرْءَانَ أَمْ عَلَىٰ قُلُوبٍ أَقْفَالُهَآ
КъурIанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь догIанаш ду?
25
إِنَّ ٱلَّذِينَ ٱرْتَدُّوا۟ عَلَىٰٓ أَدْبَٰرِهِم مِّنۢ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ ٱلْهُدَى ۙ ٱلشَّيْطَٰنُ سَوَّلَ لَهُمْ وَأَمْلَىٰ لَهُمْ
Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна /керстаналлина/ тIе бухабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа - шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо дагакхуьссуш ду царна /Делан некъах тилар/.
26
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا۟ لِلَّذِينَ كَرِهُوا۟ مَا نَزَّلَ ٱللَّهُ سَنُطِيعُكُمْ فِى بَعْضِ ٱلْأَمْرِ ۖ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ إِسْرَارَهُمْ
Иза ду цара аларна Дала доссош дерг /КъурIан/ ца дезаш хиллачаьрга: "Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь". Далла хууш ма ю церан къайленаш.
27
فَكَيْفَ إِذَا تَوَفَّتْهُمُ ٱلْمَلَٰٓئِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَٰرَهُمْ
Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?
28
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ ٱتَّبَعُوا۟ مَآ أَسْخَطَ ٱللَّهَ وَكَرِهُوا۟ رِضْوَٰنَهُۥ فَأَحْبَطَ أَعْمَٰلَهُمْ
Иза ду уьш Дела оьгIузвоккхучунна тIаьхьахIоттарна‚ Иза реза хилар царна ца дезарна - тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш.
29
أَمْ حَسِبَ ٱلَّذِينَ فِى قُلُوبِهِم مَّرَضٌ أَن لَّن يُخْرِجَ ٱللَّهُ أَضْغَٰنَهُمْ
Шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрна меттана-те Дала цIаьллига цIа шайн мостагIалла /гуча/ ара йоккхур яц?
30
وَلَوْ نَشَآءُ لَأَرَيْنَٰكَهُمْ فَلَعَرَفْتَهُم بِسِيمَٰهُمْ ۚ وَلَتَعْرِفَنَّهُمْ فِى لَحْنِ ٱلْقَوْلِ ۚ وَٱللَّهُ يَعْلَمُ أَعْمَٰلَكُمْ
Тхуна лиъча Оха гайтина хир бара уьш хьуна - тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан аьзнашца. Дела хууш ву-кх шун Iамалш.
31
وَلَنَبْلُوَنَّكُمْ حَتَّىٰ نَعْلَمَ ٱلْمُجَٰهِدِينَ مِنكُمْ وَٱلصَّٰبِرِينَ وَنَبْلُوَا۟ أَخْبَارَكُمْ
Оха зенне зуьйр ду шу Тхуна шух джихIад кхочуш дийраш а‚ собар дийраш а бовзалц‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а.
32
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ وَشَآقُّوا۟ ٱلرَّسُولَ مِنۢ بَعْدِ مَا تَبَيَّنَ لَهُمُ ٱلْهُدَىٰ لَن يَضُرُّوا۟ ٱللَّهَ شَيْـًۭٔا وَسَيُحْبِطُ أَعْمَٰلَهُمْ
Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ тилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а - цара хIумма зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш.
33
۞ يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُوٓا۟ أَطِيعُوا۟ ٱللَّهَ وَأَطِيعُوا۟ ٱلرَّسُولَ وَلَا تُبْطِلُوٓا۟ أَعْمَٰلَكُمْ
ХIай иман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчана муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа.
34
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ وَصَدُّوا۟ عَن سَبِيلِ ٱللَّهِ ثُمَّ مَاتُوا۟ وَهُمْ كُفَّارٌۭ فَلَن يَغْفِرَ ٱللَّهُ لَهُمْ
Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белла берш - Дала цIеллига цIа гечдийр дац царна.
35
فَلَا تَهِنُوا۟ وَتَدْعُوٓا۟ إِلَى ٱلسَّلْمِ وَأَنتُمُ ٱلْأَعْلَوْنَ وَٱللَّهُ مَعَكُمْ وَلَن يَتِرَكُمْ أَعْمَٰلَكُمْ
Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцIкъала/ долуш‚ Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.
36
إِنَّمَا ٱلْحَيَوٰةُ ٱلدُّنْيَا لَعِبٌۭ وَلَهْوٌۭ ۚ وَإِن تُؤْمِنُوا۟ وَتَتَّقُوا۟ يُؤْتِكُمْ أُجُورَكُمْ وَلَا يَسْـَٔلْكُمْ أَمْوَٰلَكُمْ
Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ сакъерар а ду. Аш иман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь - Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхний а /деккъа закат даккхар бен/.
37
إِن يَسْـَٔلْكُمُوهَا فَيُحْفِكُمْ تَبْخَلُوا۟ وَيُخْرِجْ أَضْغَٰنَكُمْ
Цо шуьга /дерриге даьхний/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмац хир дара‚ Цо гуча йоккхур яра шу /динехь йолу/ мостагIалла.
38
هَٰٓأَنتُمْ هَٰٓؤُلَآءِ تُدْعَوْنَ لِتُنفِقُوا۟ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ فَمِنكُم مَّن يَبْخَلُ ۖ وَمَن يَبْخَلْ فَإِنَّمَا يَبْخَلُ عَن نَّفْسِهِۦ ۚ وَٱللَّهُ ٱلْغَنِىُّ وَأَنتُمُ ٱلْفُقَرَآءُ ۚ وَإِن تَتَوَلَّوْا۟ يَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُونُوٓا۟ أَمْثَٰلَكُم
ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян - шух бIаьрмацаза (пис) верг - шена бIаьрмацаза (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу духадовлахь /иманах/ Цо хийцор ду шу шу доцу кхечу къамаца‚ тIаккха уьш хир бац шух тера.